ГлавнаяИсполнителиНеизвестенСо яхара сарахь хитIа
название:

Со яхара сарахь хитIа


автор:

Неизвестен


рейтинг: ★★★★★ / 5.3 / 1325 просмотров
Со яхара сарахь хитIа,
КIорни дацара хитIехь лаьтташ.
Кхана сарахь хьо ца вагIахь,
Ас вуьту хьо нийсархошна.

Схьакхета малх схьакхетале,
Чубузу малх чубузале,
Дала, кIорни, дагара дийций -
Вовшех дала доллу вайшиъ.

Iуьйре йоцуш йиш яц, бохуш,
Суьйре йоцуш йиш яц, бохуш,
Хьо ца хилча йиш яц, бохуш,
Ас хьо сайна кура ваьккхи.

Iуьйренан да хьо ву моьттуш,
Суьйренан да хьо ву моьттуш,
Хьайн дешан да хьо ву моьттуш,
Сайн леларна дохко юьйлу.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Со яхара сарахь хитIа" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен