ГлавнаяИсполнителиНеизвестенЯ Робби хьо везар тхуна марздехьа
название:

Я Робби хьо везар тхуна марздехьа


автор:

Неизвестен


рейтинг: ★★★★★ / 5.2 / 1206 просмотров
Я Робби хьо везар тхуна марздехьа

Делан Элчи д1а кхелхина, дейта б1е шо дуьзна дог1у,
Дела хьехор г1елделла, дуьне лахар сов даьлла,
Элчи везарш к1еззиг хили, веза бохарш дукха хили,
Адам дин а диц делла, хан эхира замана т1е кхаьчна,
Хьан къинхетам сов ца балахь, х1аллак хилла герга дукха, 
Я Робби хьо везар тхуна марздехьа.

Везан Дела хьо везаш вериг дагца хьан дин долаш вар-кха,
Сийлахь Элчи везаш вериг, шар1ах дага вуьйлаш вар-кха,
Авлияаш безаш вериг, хьарам дериг дуьтуш вар-кха,
Хьо тха ву-кха, дин бакъ ду-кха, Хьан дин доцург, доьхна ду-кха
Я Робби хьо везар тхуна марздехьа.

Везан Дела! Х1ун дер техьа, Хьан ц1ена дин г1елделла доьду,
Сийлахь Элчи хьоьга кхойкху, и шар1а байлахь ду-кха,
Кишин Хедийн во1 хоьга кхойкху, хьан къадаре ц1арца ду-кха,
Авлияаш дина орцах шу ца довлахь, тхо тиларна гергахь ду-кха,
Я Робби хьо везар тхуна марздехьа.

Везан Дела х1ун дер техьа, Хьан къинхетам сов ца балахь,
Бусалбанаш бу бохуриш, хьарам хьакъаш дууш бу-кха,
Хьанал ламаз де бохуриш, шайца шукра доцуш бу-кха,
Цуьнах ламаз хир дац аьлчи, мунафикъ нах бохар ду-кха,
Я Робби хьо везар тхуна марздехьа.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Я Робби хьо везар тхуна марздехьа" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен